Абдулаев Салавди. Мунаев Iиса дIакхалхар

10636008_1538254816420091_1961029028593728025_n

Селлхана мелла а шеконаш яра-тахана сецна бакъ хилар билгалдаьлла Мунаев Iиса дIакхалхар 01февралях окх шеарах.

Дала ГIазот къобал дойла цуьнан, Дала геч дойла цунна, Дала декъал войла иза. Цуьнан дакъа мелкхочучаьрна Дала ца духу дола иман, собар лойла.

Суна Iиса гина — вевзаш вара, хьалхара тIом дIабаьлча, кхи тIе-кере йолуш хIума дацара — ца нисделлера. Бакъду, дукха меттигашкахь цьаммо Мунаев Iисас аьллера, я Мунаевс динера аьлла дийцича, цунах ладугIучарна кхачам, тоам хуьлуш-м гинера суна. Цхьа йоккха ойлий,цхьа доккха цIена негаттий дIакхехьаъ, дIаозаъ доьналла дерг бен вер вацара хIoкху тIаьхьарчу хенахь цо арабаьккхинаболчу новкъа.

Iиса къонах вара, цуьнан амал, цуьнан куьцаш вайна гина а, дийцина хезна а къонахийн куьцех дара. Дукха хьалха суна хезнера вайн баккхийчу наха дуьйцуш: хIара дуьне Дала хIокху дуьненчохь болу къонахийн сийна, ларамна латтош ду аьлла. Тахана ишттачарех цхьа къонах Далла дуьхьал дIавахана, иза гIортор хиллачу меттахь тIе дазлур ду хIара дуьне шен боьхаллийца, мекарлонца, гIиллакх дацарца.

Жимма къоман а, маршонан а бала хиллачу нахана а, и нах беха махкана а хилларг боккха эшам бу. Дала геч дойла, Дала ГIазот къобал дойла.

Абдулаев Салавди

05.02.2015 г.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

24 − 20 =